НОХЧИЙН МЕТТАН ШАРНА ЛЕРИНА ЦХЬАЬНАКХЕТАР ДlАДАЬХЬИРА СОЬЛЖА-ГlАЛИН ЛОЬМАР 91 ЙОЛЧУ ИШКОЛЕХЬ

3412 - https://grozdepobr.ru
Фото: grozdepobr.ru

 

НОХЧИЙН МЕТТАН ШАРНА ЛЕРИНА ЦХЬАЬНАКХЕТАР ДlАДАЬХЬИРА СОЬЛЖА-ГlАЛИН ЛОЬМАР 91 ЙОЛЧУ ИШКОЛЕХЬ.

Вайн Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен омрица 2023 шо «Нохчийн меттан шо» аьлла билгалдаккхар бахьана долуш, бекарг беттан 21-чу дийнахь Соьлжа-Гlалин лоьмар 91 йолчу ишколехь дlадаьхьира «Бекалахь, ненан мотт, сан къоман аз хилий!» цlе йолу цхьаьнакхетар.

Ишколан белхалоша лаккхарчу тlегlан тlехь кечам бинера цу гlуллакхна: нохчийн пеш, истангаш, кузаш, говран ворда, уьстагlий, нохчийн даарш а кечдина. Иза дерриге а вовшахтоьхнера дlайаханчу хенахь хиллачу нохчийн дахаран сурт хlоттош, цу хена хилла lер-дахар гойтуш.

Цхьаьнакхетаре кхайкхина бара Россин йаздархойн а, журналистин а союзан декъашхой.

Нохчийн мотт шен чlогlа шира лар йолуш хилар а, муьлхха а ойла дlайийца хьал долуш хилар а билгалдаьккхира хьешаша.

Ишколан дешархоша ненан мотт шайна мел хьоме, гергара бу хоуьйтуш, нохчийн маттах лаьцна йолу, бевзаш болчу йаздархойн байташ йийцира.

Хелхаршца, иллешца, эшаршца дlадерзийра и цхьаьнакхетар.

Билгалделира, и тайпа цхьаьнакхетарш чlогlа мехала хилар: цара къоначу тlаьхьена матте болу, къоман гlиллакх-оьздангалле болу безам кхиабо и довза гlо а до.

 
По теме
В Министерстве здравоохранения Чеченской Республики стартует Первая Межрегиональная научно-практическая конференция «Вакциноуправляемые инфекции, проблемы и пути решения на территории Северо-Кавказского федерального округа».
Главa и Правительство