«НОХЧИЙН МАТТАХ-НОХЧИЙН МАТТАХЬ» Ц1Е ЙОЛУ ГОРГА СТОЛ Д1АЙАЬХЬИРА СОЬЛЖА-Г1АЛИН ЛОЬМАР 5 ЙОЛЧУ ГИМНАЗЕХЬ

3301 - https://grozdepobr.ru
Фото: grozdepobr.ru

«НОХЧИЙН МАТТАХ-НОХЧИЙН МАТТАХЬ» Ц1Е ЙОЛУ ГОРГА СТОЛ Д1АЙАЬХЬИРА СОЬЛЖА-Г1АЛИН ЛОЬМАР 5 ЙОЛЧУ ГИМНАЗЕХЬ.

Соьлжа-г1алин Мэрин дешаран Департаментан планаца йог1уш йолуш лоьмар 5 йолчу гимназехь д1айаьхьира «Нохчийн маттах-нохчийн маттахь» ц1е йолу горга стол. Вовшахкхетаран коьрта 1алашо йара дешар т1ехь тидам керлачу нийсайаздаран бакъонашна т1ебахийтар. Вовшахкхетар д1адолош нохчийн меттан методически цхьаьнакхетараллин куьйгалхочо, лоьмар 5 йолчу гимназин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Исакова Бирланта «Керлачу нийсайазйаран бакъонашца нохчийн мотт хьехаран, кхиоран хьелаш» доклад йийшира. Х1ора хьехархочо цу хьокъехь лелийча пайдехь хир йолу методика йовзийтира, хьехархоша и тема йийцаре а йира. Шолг1а дош ийцира «Кхетош-кхиорехь ненан матто д1алоцу меттиг» ц1е йолчу докладаца Нохчийн меттан хьехархойн ассоциацин куьйхалгочо Бергоева Айзана. Цо шен къамелехь билгалдаьккхира х1ора урокехь бераш кхетош-кхиорехь хьехархоша жимма хан йайъа йезаш хилар. «Нохчийн литературин урокашкахь дешархой кхетош-кхиорехь г1иллакх-оьздангаллех лаьцна произведенеш йовзийтар» темина доклад йийшира Хасаров Рамзана, лоьмар 54 йолчу ишколера нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо. Рог1ера дош ийцира Магамадова Резидас, 18-чу ишколера нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо. Цо йийшира «Нохчийн мотт – нохчийн синмехаллин бух» аьлла темина доклад. «Нохчийн мотт хьехаран электронни ресурс» темина доклад йийшира Джамиева Сахабата. Шен къамелехь цо « desharkho.ru » сайт хьахийра, цуьнан мехалла а йийцира. «Нохчийн мотт кхиорехь, ларбарехь поэзино д1алоцу меттигах» лаьцна дийцира Саралиева Хедас, лоьмар 8 йолчу ишколин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо. «Къоман седарчий» проекто кхетош-кхиорехь д1алоцу меттигах лаьцна дийцира Эдилсултанов Муслима. 25-чу ишколан хьехархочо билгалдаьккхира т1екхуьучу чкъуран доккха ни1мат долуш хилар и проект. Чаккхенехь лоьмар 13 йолу ишколан нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Нинигов Мурада вовшахкхетчарна дийцира «Ц1ердешнийн дожаршца хийцадаларехь кхачамбацарш» хиларх лаьцна. Хьехархочо йуха а тидам т1ебахийтира урокашкахь керла нийсайаздаран бакъонаш ларйарна. Цул т1аьхьа «хаттар-жоп» форматехь дискусси хилира. Горга стоьлан чаккхенехь резолюци т1елецира:

5-чу классехь ц1ердешнийн дожарш 1аморна тидам т1ебахийтар. 8-9-чу классашкахь синтаксисан курс йолуш дешнийн диктантаца дожарш, легарш карладахар.

Дешархойн матте болу безам кхоллар.

Дешархошна вайн къоман оьзда г1иллакхаш довзийтар.

« desharkho.ru » сайтах пайдаэцар. Цу т1ехь беш болу болх жигарбаккхар.

Нохчийн меттан нийсайаздаран бакъонашна т1ехь болх алсамбаккхар.

Болатбиева А.Н. 24 марта приняла участие во Всероссийском совещании с региональными ответственными за реализацию проекта «Школы Минпросвещения России». - Институт развития образования Болатбиева А.Н. 24 марта приняла участие во Всероссийском совещании с региональными ответственными за реализацию проекта «Школы Минпросвещения России».
Институт развития образования
В школе села Гехи прошли учения пожарных - МЧС Сотрудники Главного управления МЧС России по Чеченской Республике провели в Гехинской общеобразовательной школе № 6 пожарно-тактическое учение по отработке действий при нештатной ситуации.
МЧС
Туберкулез: как избежать заболевания и можно ли вылечиться, если заболел? - ИА Грозный-информ Туберкулез - это инфекционное заболевание, которое вызывается микобактерией туберкулеза (бацилла Коха) и характеризуется образованием одного или множества очагов воспаления в различных органах, но чаще всего в легочной ткани.
ИА Грозный-информ
В ЧР заработал новый борт санитарной авиации - ИА Грозный-информ В Чеченской Республике заработал новый борт санитарной авиации, который будет осуществлять авиационные перевозки тяжелобольных из отдаленных и труднодоступных местностей в медорганизации Грозного.
ИА Грозный-информ
Лекция "День Конституции Чеченской Республики" - Музей Чеченской Республики 22 марта 2023 года в Литературно-мемориальном музее А. Айдамирова провели лекцию, на тему: "День Конституции Чеченской Республики", приуроченную ко Дню Конституции ЧР.
Музей Чеченской Республики