Кадыров: Наркоманица а, экстремизмаца а, кхидолчу зуламашца а къийсам латтор лахдан мегар дац
Наркоманица а, экстремизмаца а, кхидолчу зуламашца а къийсам латтор лахдан мегар дац.
Республикерчу бакъонаш ларйаран органийн буьйранчашца ша дӀайаьхьначу кхеташонехь оцу хьокъехь дӀахьедар дина Кадыров Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, и болх лаккхарчу тӀегӀанехь а, жигара а, эвсара а дӀабахьа мел оьшуш долу хьелаш а, гӀирсаш а болуш бу.
«Тахана республикехь йолу кхерамзалла а, беркат а Ӏалашдина ца Ӏаш, кхин а тӀедуза а аьтто хир бу вайн, нагахь хӀора а и болх кхачам боллуш беш хилахь«, — дийцина Нохчийчоьнан Мехк-Дас.
Цул сов, оцу белхан гурашкахь маьӀне меттиг дӀалоцуш кхетош-кхиор хиларца а догӀуш, Ӏеламнахаца цхьаьна иза дӀабахьар а тӀедожийна цо.