Абхазин вице-президент: НР-н культурин денош шайн махкахь дӀадахьар маьӀне ду абхазхошна
Карарчу беттан 13-17-чуй деношкахь Абхазехь дӀахьош ду Нохчийн Республикин культурин денош.
Церан гурашкахь нохчийн делегацица цхьаьнакхетар хилла Абхазин вице-президентан Гунба Бадран.
Цо билгалдаккхарехь, Нохчийн Республикин культурин денош Абхазехь дӀадахьар — нохчаша абхазхошна дина совгӀат ду.
Цул сов, Нохчийчоьнан а, Абхазин а вовшашца йолу культурин зӀенаш чӀагӀйарна и денош дӀадахьаро Ӏаткъам бийриг хиларх а тешна ву Гунба Бадра.
Цхьаьнакхетаран чаккхенехь нохчийн делегацис совгӀаташ дира цунна — холхазан куй а, верта а делира.