Кишин Кунта-Хьаьжин цӀарахчу Реабилитацин туьшахь хийцамаш бийр бу
Фото: www.grozny-inform.ru
Веданан муниципалитетехь могашалла Ӏалашйаран дакъа кхиорца а догӀуш, Кишин Кунта-Хьаьжин цӀарахчу Реабилитацин туьшахь хийцамаш бан лерина.
Билггал аьлча, дархошна лерина маьнга-меттигаш алсамйахар а, кхитӀе а белхан меттигаш кхоллар а ду Ӏалашонехь.
Цул тӀаьхьа алсамйохур йу реабилитацин курсаш а, кхочушдеш долу хьашташ а.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан чоьтах йина йолу и реабилитацин туш Веданан кӀоштарчу МахкатӀехь хилар дагадоуьйту.
Источник: ИА Грозный-информ
27.02.2023 10:11