Кадыров Рамзан: Тхо хилла а ду, дан а ду, хир а ду нохчий-бусалбанаш!
Вайх нохчийн халкъ даран мехаллех йу культура, Ӏадаташ, истори, иштта, цаьрца цхьаьна, дечиг-пондаран а, кехат-пондаран а, вотанан а мукъамаш а.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь дӀахьедар дина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
«Веза-Воккхачу АллахӀах а, цуьнан Элча Мухьаммадах (ﷺ) а вай тешаш хилар — вайх бусалбанаш даран мехаллаш. Культурехула а, динехула а вай сийсаз а дан, йуьхьӀаьржа а хӀитто гӀертарг, миччахь иза велахь а, хӀун бехказлонаш цо лехарх а — неӀалт хуьлда! Иблисан лай ву иза! Тхо хилла а ду, дан а ду, хир а ду нохчий-бусалбанаш! Ахмат — Сила! АллахӀу Акбар!«, — йаздина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.