Ойланаш хьоьца ю, девллехь а гена,
Пенаш а сих-сиха хьан кийрахь го.
Бералла, хьан бешахь, ца яхна эрна,
Хастаме, оьзданиг, доьналлин б1о!
Вай вовшех къаьстина яьллехь а зама,
Сонтачу аренех 1ехалуш дог.
Ма мотта, бакъ дац и, Поьрдала-Нана,
Йицъелла, д1атесна, боккхур бу ког.
Замано, хьелаша тасахь а марха,
Гушдоцу пардо деш, кхоладеш иэс.
Къайлахчу з1енаша тохалой, аьрха,
Бакъ хорша ерзайо ойланийн кхес.
Вай цхьаьна яьккхинарг к1езиг ю зама,
Кхачаме марзонех эцна дац ирс.
Хьан кхерча eorlyp ву тахна я кхана,
Ц1ов бина д1ахьарчош дуьненан г1ирс.
Харц я бакъ йорт етташ, некъаш дарх хийла,
Дезарийн кочаро ийзаварх пурх,
Сатуьйсу, ца 1ебаш, хьан къуллеш мийла,
Ког хоьцуш, малйина дахаран урх.
Хьоьца ю ойланаш, девллехь а гена,
Сих-сиха г1енаш а хьан кийрахь го.
Хьан бешахь бералла ца яхна эрна,
Оьзданиг, хастаме доьналлин б1о.
Маржа я1, ма ала, Г1оьрдала-Нана,
Дег1аца хервелларг къаьстина хьайх.
Йог1ур ю, дог теша, хьийкъина зама,
К1енташа мохк дебош бисинарг дайх!
Шамиль Оздамиров
ИА "Чеченинфо"