Иорданера – нохчийн маттана гIо-орца

Иорданера – нохчийн  маттана гIо-орца
Фото: vesti95.ru

Иорданера нохчи Бакир Iабдул-Хьамийд шен дахарехь гуттар а ненан меттан сийдеш лелла. Шен хан а, харж а йойъуш, муьлххачу хенахь а, нохчийн маттана лерина цхьа проект я цхьа гIуллакх кхочушдо аьлла хезча, ненан мотт Iамош цхьаъ хаавелча, буьйсана юккъехь цига дIа а воьдуш, шегахь мел йолу книгаш, абаташ царна дIалуш, шен карах мел долучуьнца гIо дина цо Иорданерчу нохчашна ненан мотт Iаморехь, иза Iалашбарехь. Буьйсана юккъехь цхьамма телефон а тоьхна, нохчийн маттахь интернета чохь цхьа кост яздан лууш вара ша аьлча, хийла «орцахваьлла» Хьамийд. Иштта и гIуллакхаш деш схьавогIуш ву иза, таханлерчу дийне кхаччалц.

Уггаре а боккха болх бийцича, 2002-чу шарахь Иорданехь нохчийн-Iаьрбийн дошам хIотто гIерташ (Нохчийчохь ара мел хецна  дошам юкъа а лоцуш) нах буй а хиъна, чIогIа кхаъ хиллера Хьамийдана. Бакъду, и нах и дошам арахеца (кхачам боллуш и болх чекхбаккха) дагахь а ца хиллера. Iабдул-Хьамийда уьш ир-карахIиттош, «хIара мехала болх арахеца беза вай» бохуш, царна гIо деш, 2006-чу шарахь цара и нохчийн-Iаьрбийн дошам арахийцира (юткъа мужалт йолуш). Ткъа иза, хенан йохалла, толлуш, нах тIехьовсуш, кхачам боллуш цахилар гучуделира. Кхачам боллуш цахилар стенна тIехь хаалора аьлча – и дошам нахана йоьхкича, хазахетарца иза эцнарг юхавогIура «хIинца суна сайна оьшу дош ца карадо, нохчийн дешнаш Iаьрбийн элпашца яздахьара аш я Iаьрбийн-нохчийн яхьара аш дошам» олий. Бакъдерг аьлча, нохчийн мотт безарна и дошам эца а оьций, иза терхи тIе охьа а юьллий, цунах кхин пайда ца оьцурш а хуьлура. «Нохчийн мотт Iаьрбийн элпашца муха язбийр бу?!», – олура Хьамийда. Бакъду, цхьана агIор, иштта дуьйцурш а харц бацара – Иорданехь Iаш болу вайн къоман векалш ненан мотт хаарехь берриге а говза цахиларе хьаьжча, дошам нохчийн-Iаьрбийн хиларе терра, девзаш доцу нохчийн дош карон атта хир дацара царна. ТIаккха вовшахкхеттачохь и дошам юьйцуш, Iаьрбийн-нохчийн дошам йича хIун дара-те аьлла, хаттар кхолладелира. Бакъду, и гIуллакх кхочушдан говзанчаш Иорданехь бацара, цу декъехь зеделларг цхьаьннан а цахиларе терра.

Иштта, нахана хетачаьрга, зеделлачаьрга ладегIна, электронни дошам ца хилча гIуллакх хир дац кхунах аьлла, сацам бира Бакир Iабдул-Хьамийда. Цу хьокъехь компьютеран говзанчашца барт а бира цо. И гIуллакх дуьххьара дага муха деара дийцича, хийла хезара Iабдул-Хьамийдана Иорданерчу нохчийн бераша ненан маттах лаьцна цхьацца хаттарш деш: интернета чохь муьлххачу а меттан дош гоч ма до, нохчийн мотт хIунда бац цу чохь, нохчийн элпаш хIунда ца язло цу чохь, иштта кхидIа а. Цу кепара хаттар моссазза хеза чIогIа дог Iовжадора Хьамийдан.

Иштта дошам кхин а стенна дика яра – электронни хиларе терра, нохчийн-Iаьрбийн а, Iаьрбийн-нохчийн а ший а дошам чулоцур яра цо. Шена оьшу дош дIаяздичахьана цуьнан маьIна дийр дара дошамо, иза нохчийн маттахь делахь а, Iаьрбийн маттахь делахь а. Бакъду, цу тайпа дошам ярхьама, нохчийн меттан ерриге а дошамаш чу а лоцуш, хаамийн бух кечбан безара. Цу тIехь шина говзанчас шина-кхаа шарахь болх бира дан мел дезарг деш, цул тIаьхьа программи тIехь гучудевлла кхачамбацарш нисдеш кхин а цхьа хан елира. Эххар а, дIагайта куц-кеп долуш, кхачам боллуш дошам хIоттийра Иорданерчу Бакир Iабдул-Хьамийда. Амма электронни дискашна тIехь и дошам ара ца хийцира, хIунда аьлча, иштта иза арахецахь массара шайн-шайна копеш а йохур яра, тIаккха хилла йолу харж меттахIотто а, говзанчашна догIург дIадала а таро хир яцара. Цу тIе, тIаьхьо, жим-жима гIалаташ а карадора, цундела Нохчийчуьрчу говзанчашка мах хадабайта а, бIаьрг тохийта а оьшура. Иорданерчу нохчаша, барта ненан мотт буьйцуш белахь а, ширачу заманахь дуьйна схьадеана дешнаш цара лелош делахь а, школашкахь я университеташкахь нохчийн мотт цаIаморна, грамматика дика ца хаьара. Доцца аьлча, дикка нисъян езаш яра дошам, Нохчийчуьрчу говзанчашца цхьаьна болх а беш, царна оцу программин бух а гойтуш. Мух-муха а арахецча, цу тIехь долу гIалаташ нахана нийса ду моьттуш, и дошам лелор йолу дела, ара ца хоьцуш сацийна латтийра иза (кхузахь юьйцург дошам электронни кепехь арахецар ду). Цул сов, хIора а дош озаца алар а дара программина юкъадогIуш, цундела, грамматика дика цайовзар хилла ца Iаш, Иорданерчу нохчийн акцент (меттан кеп) хийцаелла хиларе терра, шаьш аьлча и дешнаш нийса цахазарна кхоьруш, и дакъа кхочуш ца деш Iийнера дошамна тIехь къахьегнарш. Арацахоьцуш сацийнехь а, гIалаташ хила тарлахь а, Иорданерчу вайн вежарша оцу программи тIехь боккха болх бина, итт дошам юкъа а лоцуш.

Кхин а цхьа бахьана дара и дошам арацахецаран. Иза уггаре а коьрта дара: дошам арахецча, цуьнан хаамийн бух муьлххачо а схьаэца тарлуш бара, тIаккха наха «хIан-хIа, тхан дас иштта олура, тхан дедас вуьшта олура» бохуш, дешнаш хийца а хуьйцуш, цунах цхьа гIурт хиларна кхоьрура программин бухбиллархой. Цунна хIун дийр ду ца хууш, тIаьххьара а, компьютера чохь нохчийн дошаман сайт хила еза аьлла, сацам хилира компьютеран говзанчийн. Иштта сайт хилча, цуьнан хаамийн бух хийца цхьаьннан а йиш хир яцара, иза йиначу говзанчашка аьллий бен. Нохчийчуьрчу Iилманийн академин бен дешнаш хийца бакъо хир йоцуш, цхьа урхалла хила еза оцу белхан аьлла, (хIунда аьлча, мотт дика бевзаш болчу говзанчийн бен бакъо яц ишттачу гIуллакхна юкъагIерта, дошамашна тIера дешнаш нисдан), иштта сайт кхолла дагахь, цунна кечамаш бан болийна ах шо сов хан ю Бакир Iабдул-Хьамийда. И болх болийчахьана, оцу сайта тIе тоха кхин а дошамаш карийна цунна. Iаьрбийн маттахь ерг еша хуур дац вайн цIахь болчарна, хьаьркаш тIетоьхна ца хилча аьлла, Iаьрбийн дешнаш а нисдина. Ингалсан мотт дуьненаюкъара мотт а бу, иза хилча дика хир дара аьлла, иза а юкъатоьхна. Иштта, хьалхалерчу итт дошамна тIе Iаьрбийн а, нохчийн-ингалсан а ши дошам тIе а тоьхна, болх дIаболийна сайта тIехь.

Таханлерчу дийнахь I.-Хь.Бакира, эца а эцна, кечйина ши сайт ю. Оцу цхьана сайта тIехь болх беш уггаре а дика тоба вовшахкхетта – цIахь болу говзанчаш а, Иорданехь дика Iаьрбийн мотт, Къуръан хьоьхурш а, ингалсан мотт дика бевзарш а. Оцу гIуллакхан бала кхочуш болу, нохчийн маттана сагатдеш болу нах бу уьш, шайн ницкъаш, алапаш вовшах а тоьхна, иштта мехала болх дIахьош. Берриге а болх бина баьлча, иза вукху (шолгIачу) сайта тIе боккхур бу. И сайт кечйинчул тIаьхьа, иза интернета чу яккхале хьалха, Нохчийчохь болчу говзанчашна а гайтина, Нохчийн Республикин цIарах, пачхьалкхан тIегIанехь иза электронни дошаман кепехь арахеца дагахь бу Иорданера нохчий.

Оцу сайта тIехь биъ мотт хир бу: нохчийн, Iаьрбийн, ингалсан, оьрсийн. Иза хIун бохург ду – оцу дошамна юкъахь долчу хIора а дашна лакхахь билгалбаьккхинчу беа маттахь маьIна далийна хир ду. Дош муьлххачу маттахь дIаяздича а цуьнан маьIна гойтур ду дошамо. Масала, нохчийн маттахь ахь дош дIаяздича, Iаьрбийн а, оьрсийн а, ингалсан а меттанашкахь цунах хIун олу гойтур ду, Iаьрбийн маттахь дош яздича, нохчийн, ингалсан, оьрсийн меттанашкахь цуьнан маьIна дийр ду, иштта дIа кхин а. Цул сов, хIора а дешан цхьааллин, дукхаллин терахьаш а, шина а терахьан дерриге а дожарш а, хандешнийн ерриге а кепаш а хир ю цу тIехь, ма-дарра аьлча, цхьа цIердош цхьааллин а, дукхаллин а терахьехь яздина ца Iаш (кхечу дошамашна тIехь ма-хиллара), кхин ворхI-ворхIазза (дожаршца легош) яздина хир ду шина а терахьехь. И сайт, герггарчу хенахь, Дала мукъ лахь, кечйина яла езаш ю. Шеко яц, дуьнен тIехь болчу берриге а нохчашна цунах боккха пайда хирг хиларх.

Нохчийн меттан, нохчийн къоман исторехь хилла а боцу, цхьанна а бан дагадеана а, я болийна а боцу боккха болх бу таханлерчу дийнахь Иорданерчу вайн вежарша болийнарг. Вай ваьш бицбеш, ца буьйцуш, оьрсийн маттаца иэбеш, сийсазбаьккхина, дуккха а билгалонаша дуьнен тIера дIабала кхерам хиларна тоьшалла деш болчу вайн ненан маттана генара новкъадаьлла орца ду тахана. БIе шо сов хьалха шайн дай Нохчийчохь Iар доцург, шаьш цкъа а Нохчийчохь хилла а боцу вайн къоман векалш бу тахана нохчийн маттах дог лозуш. Вайна санна школашкахь а, университеташкахь а хьехна бац царна ненан мотт, вайна санна дийнахь а, буьйсанна а чохь а, арахь а – ког баькх-баьккхинчохь – хезаш а бац царна иза, хIетте а, цIена нохчийн дегнаш шайн хиларе терра, нохчалла Iалашйина цара. Нохчалла цара Iалаш ца йинехь, нохчийн мотт хуур бацара царна. Таханлерчу дийнахь Нохчийчохь дина а, кхиъна а, кхузахь Iаш а долчу вайна нохчаллин масал хилла дIахIитта хьакъ бу и нах. Кхузахь цIерш яха лаьа оцу сайта тIехь къахьоьгуш болчу Иорданерчу нохчийн: Бено Мохьмад (болх дIаболорехь гIолаьцнарг), Бакир Надья (Iаьрбийн меттан говзанча), Хьаддад Идрис (компьютеран коьрта говзанча), Шишани Iали (компьютеран говзанча), Бакир Асет (нохчашна Iаьрбийн мотт хьоьхуш йолу хьехархо), Бакир Тина (ингалсан меттан говзанча). Нохчийн халкъан цIарах даггара баркалла ала лаьа царна массарна а, къаьсттина, и гIуллакх дагалаьцна а, долийна а волчу Бакир Iабдул-Хьамийдана а. Тхуна дозалла ду дуьненан цхьана маьIIехь нохчийн маттах оццул дог лозуш, нохчалла Iалашъеш вайн къоман векалш хилар.

 

А.МУСАЕВА

Суьрташ тIехь: Бакир Iабдул-Хьамийд а, кечъеш йолчу сайтан агIонаш а

№ 31 (2925)

 
По теме
Заместителем прокурора республики Сергеем Семёновым утверждено обвинительное заключение и направлено для рассмотрения по существу в Ачхой-Мартановский районный суд уголовное дело в отношении местного жителя,
Следователями ОМВД России по Урус-Мартановскому району окончено производством и направлено в Урус-Мартановский городской суд уголовное дело, возбужденное в отношении жительницы г. Урус-Мартана, 1998 года рождения.
Следователями отдела МВД России по Урус-Мартановскому району окончено производством и направлено в суд уголовное дело, возбужденное в отношении 44-летнего жителя н.п.
Террористы из "Крокус Сити Холла" могли быть под действием психотропных веществ - ИА Грозный-информ Правоохранители не исключают, что совершившие теракт в "Крокус сити холле" находились под действием психотропных веществ, проводятся необходимые экспертизы, сообщил РИА Новости источник в правоохранительных органах.
ИА Грозный-информ
Алимхан Ихаев назначен главным внештатным специалистом по скорой медицинской помощи СКФО - ИА Грозный-информ Министр здравоохранения Чеченской Республики Адам Алханов провел рабочую встречу с главным врачом Республиканской станции скорой медицинской помощи Алимханом Ихаевым.
ИА Грозный-информ
В городе Аргун планируется создание школы креативных индустрий - ИА Грозный-информ В Министерстве культуры ЧР состоялось совещание в режиме видеоконференции по вопросу реализации «дорожной карты» - создания в регионах России школ креативных индустрий в 2024 году в рамках федерального проекта «Придумано
ИА Грозный-информ