1аьржа б1аьргаш
догу сирла, хьан хазалло лаьцна со,
Сатийсамах
хьоза хилла кийрара дог деттало,
Дато батто
з1аьнарш ловзош сан безамна маь1на до,
Сан хьомениг
доьху хьоьга мерза безам суна ло!
Беттан нур
ду сирла догуш, къолламан некъ кхийдабо,
Хьомениг,
хьан ц1араш йохуш цо сан дагна г1оле йо.
Везар хьо
сайна гергар воьхуш хьоьца кхоллам лоьху ас,
Синтем боцу
ойла хоьржуш сан дагна ахь ма йе вас,
Сан дог ойла
хьоьха хьарчаш ас хьо лоьху лерина денна,
Сан б1аьргаш
чохь сурт ду х1уьттуш, ойла йехьа хьомениг.
Источник: moygrozny.ru
ИА "Чеченинфо"
Источник: ИА Чеченинфо
18.09.2015 12:39